Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа гІали чохь йолу ерриге а хІонс майданна юккъе схьагулъе. ГІала а, цуьнан мел йолу хІонс а цІерца ягае, шун Везачу Далла лерина долу сагІа санна. Латтийла и гІала даим саьлнаш а хилла, цкъа а юхаметтахІоттийна хила ца еза иза. Хьо и тептар дІадешна ваьлча, цунах тІулг дІа а бехкий, иза Эпрат-хина юккъе кхосса. Изза Бавел-гІалина а хир ду: иза кхин хьалагІатталур йоцуш хи буха гІур ю, Везачу Эло цунна тІе бен болу бохам бахьана долуш». Цу тІехь Ярми-ЯхІун дешнаш чекхдовлу. Ас хьох къемате масала дийр ду, ткъа хьо кхин цкъа а хир яц. Хьо наха лоьхур ю, амма кхин цкъа а хьо карор яц». Иштта боху Хьалдолчу Эло. ТІаккха суна кхин а цхьа нуьцкъала малик гира, стигалара охьадуссуш долу. Иза шена тІе марха юьйхина долуш санна дара, цуьнан коьрта тІехула стелаІад а дара. Юьхь, малх санна, яра. Когаш, цІерах богу бІогІамаш санна, бара. Саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а цу къовсамехь дуьхьал ца латтаделира. Стигалшкахь кхин меттиг яцара царна.
Выбор основного перевода