Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма яьссачу аренан акхарой лелар ю цу чохь. ЦІенош бухІанаша хьаладузур ду. Страус-олхазарша бенаш дийр ду цигахь, уьдуш акха гезарий а хир ю. Акха жІаьлеш угІур ду дІатесна йолчу цуьнан бІаьвнашкахь, ткъа чангІалкхаш – цуьнан исбаьхьачу гІаланашкахь. Иза хиндолу хан гергакхаьчна, ткъа цуьнан денош дахдийр дац». Шишша цхьаьна хІиттина богІуш дошлой а, схьабогІуш нах а бу». Цул тІаьхьа цо элира: «Бавел-гІала йоьжна ю, иза эшийна ма ю! Цуьнан деланийн дерриге а дина суьрташ лаьттахь дохийна Іохкуш ду». Куьйранаша а, зуьнаша а дІалоцур ду и латта, ткъа бухІанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу. Баьччанех цхьа а вуьсур вац цигахь, махкана тІехь паччахьалла дан кхайкха, берриг а цигара элий дІабевр бу. КІохцалш долу коьллаш дезачу цІеношкахь кхуьур ю, баьІаша а, нитташа а гІепаш къайлайохур ю. ЧангІалкхаш а, бухІанаш а Іийр ю цигахь. Яьссачу аренан акхарой акхачу жІаьлешца цхьаьнакхетар ю цигахь, акха гезарий хир ю вовшашка Іоьхуш. Буьйсанан гІаларташ хир ду цигахь садоІуш а, шайна синтем лоьхуш а. «Аса тІулгийн оьла йина дІахІоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангІалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. – ЯхІуд-махкара гІаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац». Яьссачу аренийн акхарой а, чангІалкхаш а Бавелехь ехар ю, иштта бухІанаш а хир ю кху лаьтта тІехь ехаш. Адамаш цигахь цкъа а дехар дац, массо а тІейогІучу тІаьхьенашна цкъа а стаг цигахь Іаш хир вац. Амма цІеххьана буьйжира Бавел-мохк, хІаллак а хилира иза. Делха и бахьана долуш, лаха цуьнан чевнашна молха: иза тобала а мега шуна. Набухди-Нецарна тІехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дІакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегІ стигалара тхино тІундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мІараш яра».
Выбор основного перевода