Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавел схьаяьккхина яьллачу гІовгІано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий къаьмнашна юкъахь дІахезаш хир ду». ХІордана йистехь йолчу массо а пачхьалкхийн куьйгалхоша, шайн гІанташ тІера хьала а гІевттина, шайна тІера хаза тІамарш тІехь йолу обанаш дІа а яьхна, сингаттаман духар тІе духур ду. Уьш, лаьтта охьа а хевшина, кхерарна, бегош хир бу, хьуна хиллачух цец а буьйлуш. Цара хьуна тІаьхьа белхар дийр ду, шайн кортош тІе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш. Цара, шайн кортош а даьшна, шайна тІе сингаттаман духар а дуьйхина, дог доьхна, хьуна белхар дийр ду къаьхьачу бІаьрхишца. Боьлхуш, тийжаш, цара хьох лаьцна хІара йиш дІалокхур ю: ‹ХІордана юккъехь узарш деш йолу Цора-гІала саннарг кхин муьлха яра? Хьан совдегарша, хІорда тІехула а лелаш, дуккха а къаьмнаш Іабадора. Хьайн доккхачу хьолах а, алсам долчу хІуманах а дуьненан паччахьашна ахьа дуккха а хьал а лора. ХІинца хьо хІордо хІаллакйина, хІорда буха а яхана, хьан адамаш а, дерриг а хьан хьал а хьоьца хи буха дахана›. ХІордан йистехь дехаш долу къаьмнаш инзардевлла хьох, церан паччахьаш а, юьхьсибат хийцалуш, Іадийна бегабо. Лаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагІар а муьйлуш, бехаш бара». Цара, йогучу гІалин цІерах хьалаболу кІур а гина, элира: «Муьлха гІала яра те цу йоккхачу гІаланах тера?!» ШозлагІа а олуш хезира суна: «Хастам бу Далла! Ерриг а тІейогІучу заманна а хир бу цу гІалина тІехула хьалатуьйсуш кІур».
Выбор основного перевода