Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тІе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагІар а, шура а эца! Аш хІунда луш ду ахча шайна пайденна доцучух? Мах а луш, меца хІунда дуьсуш ду шу? Дика Соьга ла а догІий, мерзаниг дІадаа, тІаккха аша тоьллачу кхачанах дезар оьцур ду. Шайх тоам а бина, кхечарах ца бешачу нахана цхьа хьекъале хІума дийцира Іийсас: «Ши стаг вахана Делан цІа чу доІа дан: цхьаъ – парушхо, важа – ял гулъеш верг. Парушхочо, дІа а хІоьттина, доІа деш хилла: „Дела! Хастам бу Хьуна, талорхой, харцончаш, нахаца леларш я хІара ял гулъеш верг санна со ца хиларна. КІирнах шозза марха а кхобу ас, сайн тІедогІучу хьолах уьтталгІа дакъа нахана сагІина а ло ас“, – бохуш. Гено лаьтташ вара ял гулъеш верг. Стигала ши бІаьрг хьала хьажо а ца ваьхьаш, шен некха тІе буй а бетташ, бохура цо: „Дела! Къинхетам бехьа сох, къинош летийначу стагах“, – бохуш. Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цІа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву». Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Со дахаран бепиг ду шуна. ХІунда аьлча Суна тІевогІург цкъа а мацлур вац, Сох тешаш верг цкъа а хьаглур вац. ХІинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац. Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац. ХІунда аьлча и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Іахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дІадохур ду церан бІаьрхиш».
Выбор основного перевода