Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан куьйго я кого хьоьга къа латадайта бахьана даьккхинехь, и куьг я ког, схьа а даккхий, дІакхосса. ХІунда аьлча ког-куьг а доцуш Далла гергахь вахар гІоле ду хьуна, ши ког а, ши куьг а шайн меттехь а долуш, жоьжахатин цІергахь хьо вагавойтучул. Хьан бІаьрг бахьана долуш хьох къа леттехь, иза, схьа а баккхий, дІакхосса. Цхьана бІаьргаца Далла уллохь вехаш хилар гІоле ду хьуна, ший а бІаьрг а болуш, жоьжахатин цІергахь хьо вагавойтучул». Нагахь санна хьан куьйго хьоьга къа латадойтуш делахь, и куьг тІера даккха – заьІап а волуш, Далла гергахь вахар гІоле ю, ши куьг а долуш, жоьжахате воьдучул, цкъа а йовр йоцучу цІергахь а вогуш. Нагахь санна хьан куьйго хьоьга къа латадойтуш делахь, и куьг тІера даккха – заьІап а волуш, Далла гергахь вахар гІоле ю, ши куьг а долуш, жоьжахате воьдучул, цкъа а йовр йоцучу цІергахь а вогуш. Нагахь санна хьан кого хьоьга къа латадойтуш делахь, иза а дІабаккха тІера. Ког а боцуш Далла гергахь вахар гІоле ю, ши ког а болуш жоьжахате кхуссуьйтучул. Нагахь санна хьан кого хьоьга къа латадойтуш делахь, иза а дІабаккха тІера. Ког а боцуш Далла гергахь вахар гІоле ю, ши ког а болуш жоьжахате кхуссуьйтучул. Ткъа нагахь хьан бІаьрго хьоьга къа латадайтахь, чуьра баккха иза. Делан Олалла тІе а лаьцна, Цунна юххехь цхьана бІаьргаца вахар а гІоле ю, ши бІаьрг а болуш ша жоьжахате кхуссуьйтучул, Иза иштта долу дела, шайна чохь лелаш болу а, кху дуьненца боьзна болу а адамийн лаамаш хІаллакбелаш: нахаца лелар, цІена доцург лаар, боьхачу лаамех дуьзна хилар, зуламе лаамаш хилар, сутара хилар (хІунда аьлча сутара хилар цІушна Іамал яр санна ду).
Выбор основного перевода