Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна шун Везачу Дала шуна схьалуш долчу лаьтта тІерачу цхьана гІалахь шун къомах болчарах цхьаъ къен хилахь, варелаш, шайн дегнаш чІагІ а ма делаш, шайн куьйгаш а ма дехкалаш къечунна гІо дан. Амма шайн куьйгаш дІа а деллий, цунна мел оьшург юхалург лолаш. „Декхарш дуьтуш долу ворхІалгІа шо тІекхочуш ду“, – боху цІена йоцу ойла шайн даг чу йожарх, варелаш, ларлолаш. Иза а аьлла, шайн къомах волчунна хьалха шу бІаьрмециг довла мега, цунна юхалург хІума а ца елла. Ткъа цо Везачу Эле латкъам бан тарло, тІаккха иза шуна къилахь лорур ду. ПаргІат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гІуллакхашна тІехь а, шун куьйгаша мел дечунна тІехь а шу декъалдийр ду. Къен адамаш-м даим а хир ду шун махкахь. Цундела шайн комаьрша куьг кховдаде шайн лаьтта тІехь шайн къомах мел волчу къечунна я мискачунна».
Выбор основного перевода