Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Варелаш, шаьш Далла деш долу гІуллакх нахана гайта гІерташ ма лелалаш. Иза аша шайгара далийтахь, шун стигалахь волчу Дегара ял хир яц шуна. Айхьа сагІа лучу хенахь, иза нахе кхайкхо ма гІерта, шалхалла йолчу наха санна, гуламан цІенош чоххьий, ураман некъашкахь шаьш нахе хастадайтархьама. Аса тоьшалла до шуна: царна йогІуш йолу ял иштта а дІакхаьчна шуна. Айхьа мискачунна сагІина хІума лучу хенахь хьайн аьрру куьйге а ма хаийта аьтту куьйго лелош дерг, айхьа лун сагІа къайлаха хилийта. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогІу ял дІалур ю». «Шаьш доІа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дІа ма тарло, гуламан цІенош чохь а, ураман некъашкахь а нахана шаьш гайтархьама доІанаш дан дІахІуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогІуш йолу ял дІакхаьчна. Ткъа ахьа хьайн доІа дечу хенахь, хьайн цІа чу а валий, чІоггІа неІ тІе а таттий, къайлаха волчу хьайн Дега доІа де. Къайлаха мел дерг гуш волчу хьан Дас боггІу мах хадор бу хьан. Ткъа айхьа доІа дечу хенахь, кхечу къаьмнех болчу наха санна, ца оьшуш мел дерг ма дийца. Царна моьтту, шаьш къамел дукха мел до а, иза дикахо дІахезар ду Далла. ХІунда аьлча, хьалхалера Іедале а доьгІна, парушхоша а, массо а кхечу жуьгташа а, церан Іедалехь ма-бохху, куьйгаш цІандиний бен хІума ца йоу. Ткъа шаьш базарара еана хІума а шатайпана цІанйиний бен ца йоу. Кхин долу а дуккха а Іадаташ леладора цара, масала, кедаш а, гІумгІанаш а, йоьза кхабанаш а, мотт-гІайбеш а цІанъяр тІехь. Амма Эло цуьнга элира: «Аша, парушхоша, тІехулара кад-Іайг дикка цІандахь а, бухалара бІаьрмециг а, къиза а ду шу. ХІунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхІалгІачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Іебархойх схьаваьлла Іебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со. Сайгахь болчу ницкъе хьаьжжина, Іийсах тешначийн тобанна дуьхьалваьллера. Товрат-хьехамаш кхочушбаро луш долчу бакъвар э хьаьжжина, ала цхьа а хІума доцуш вара со. Делахь а суна пайденна ду аьлла хеттарг Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа эрна хилла лору аса.
Выбор основного перевода