Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шегара зулам цадолуьйтург, дог цІена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цІарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву. Суна чохь цІена дог кхоллахьа, Дела, суна чуьра тешаме са карладаккхахьа. ЦІеначу даггара, эхь-бехках буьззина, шалхо йоцучу тешаро хуьлуьйту безам бу уьш дІабехкаран Іалашо. Цхьаболчара олу: «ЦІена болчарна массо а хІума цІена ду, ткъа къинош летийначарна а, Іийсах ца тешачарна а цхьа а хІума цІена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду. Шайна Дела вевза олу цара, амма шаьш лелош дерг бахьана долуш Цунах дІабоьрзу уьш. Уьш хьакъ долуш бу вай царах ца даша. Уьш Далла муьтІахь бац. Цхьана а тайпана дика гІуллакх шайгара далийта церан хьуьнар дац. Сан хьоменаш! ХІинца вай Делан бераш ду, амма кхул тІаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хІинца а дІа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела. Иштта Цунах сатийсар долуш Іаш волчу хІораммо а ша цІанво, И санна цІена хилархьама. Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цІе а хир ю церан хьаьжнашна тІехь.
Выбор основного перевода