Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а хиллачул тІаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хІоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Іалашвен йолу гІап ю. Ас хьуна ден долу совгІат а доккха ду». Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогІур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хІинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна. Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса а, пайхамарш а яхІудхоша байинера. Тхо а дІалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагІий хилла царах. Тешар хиларна, пачхьалкхашна тІехь толамаш а бохуш, нийсо а лелайойтуш, Дала лур ду аьлла хІуманаш схьа а оьцуш, лоьмийн баганаш дІа а къовлуш, буьрса цІе а йойуш, ирачу туьрах кІелхьар а довлуш, гІелделча, дегІе ницкъ а богІуш, тІамехь онда а хуьлуш, мостагІийн эскарш а лохкуш, хилла уьш. Тешар хиларна, зударша шайн делла бераш, ден а луш, схьаоьцуш хилла. Цхьаберш, ницкъ а беш, бойуш хилла, амма цара паргІато схьаоьцуш ца хилла, тоьллачу дахарехь шайн дендалар хилийтархьама. Кхечара сийсаздар а, еттар а, буржалш а, набахти а лайна шайна тІехь. Царна тІулгаш а кхуьссура, уьш херхашца хеда а бора, таррашца байа а бойура. Чудаха цІа а доцуш, уьстагІийн а, гезарийн а кхекхий а хьерчийна, лелла уьш, халонаш а, баланаш а, наха шайна беш болу ницкъ а ловш. Дерриг а дуьненал лакхара болу уьш яьссачу аренашкахула, лаьмнашкахула, хьехашкахула, Іаннашкахула бевлла лелара. Баланаш а ловш, собаре хиларан масална Везачу Элан цІарах дуьйцуш хилла болу пайхамарш схьаэца, сан вежарий.
Выбор основного перевода