Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь хьайн мостагІчун тилабелла сту я вир хьайна караяхь, шен дена тІе дІадига деза уьш. Нагахь беза мохь бахьа а ца белла, йоьжна Іуьллуш хьан мостагІчун вир хилахь, цигара дІа ма гІо, гІо де цунна, и вир юха когаш тІе хІоттош. Хьайн мостагІа меца велахь, цунна бепиг ло, иза хьогах велахь – хи ло: Іийсас бохура: «Дада, гечдехьа кху адамашна, шаьш хІун деш ду ца хаьа-кх кхарна». ТІемалоша, кхаж а тосуш, Іийсан тІеюху хІуманаш йийкъира. Цул тІаьхьа, гора а воьжна, чІогІа элира цо: «Веза Эла, къилахь ма ларалахь кхарна хІара гІуллакх!» Иза а аьлла, Тапа кхелхира. Шайга баланаш хьоьгуьйтурш декъалбелаш. Декъалбелаш, сардамаш ма дехалаш. Мелхо а Делан Йозанашкахь иштта яздина ду: «Хьан мостагІа меца велахь, иза вузаве. Хьогах иза велахь – хи ло цунна. Иштта дерг дарца цуьнан коьрта тІе догуш долу кІегий гулдо ахьа». Оха тхешан куьйгашца къахьоьгу. Тхох лаьцна наха вониг дийцича, оха декъалбо уьш. Тхаьш лелхийча, иза а лов оха. Ша сийсазвича, Цо дуьхьал вон дош ца олура, Ша бала ловчу хенахь, кхерамаш ца туьйсура, амма нийсо ечу Кхелахочун кара Ша дІалора.
Выбор основного перевода