Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
стаг кхеле озо сих ма ло. Ахь хІун дийр дара, хьайна уллорачо гІуллакх къастийначул тІаьхьа хьо юьхьІаьржачу хІоттийча? Наха шуна йинчу хьарамаллина аша гечдахь, стигалахь волчу шун Дас шуна а дийр ду геч. Амма шу шайна вас йинчарна даггара къинтІера ца довлахь, шун Да шуна а вер вац аша летийначу къиношна къинтІера». «Шайна гІолехь долчун ойла хІунда ца йо аш? Шаьш довхочуьнца кхел ян доьлхуш, новкъахь цуьнца берта даха хьовса, хІунда аьлча цо шу кхелахочунна тІе далор ду, кхелахочо гІароле дІалур ду, юха шу набахте кхуьссур ду. Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тІаьххьарчу шайнна тІекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дІаделла а бен».
Выбор основного перевода