Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Амма шуьга, Соьга ладугІучаьрга, боху Ас: Шайн мостагІий беза, шаьш ца дезачарна диканиг де, шайна неІалт кхайкхош берш декъалбе, шайна халахетар дечарах лаций доІанаш де. Хьайна цхьана бесни тІе тІара тоьхнехь, важа бесни кІел хІоттае. Нагахь санна цхьаммо хьан тІехулара бедар хьоьгара дІаяьккхинехь, цунна дуьхьало ма е бухалара коч хьоьгара дІайоккхуш. ХІора доьхуш волчунна цо доьхург дІало. Нагахь санна хьан долахь дерг цхьаммо дІаэцнехь, иза юха ма деха. Нахаца, уьш шайца хила ма-лаъара, хила. Нагахь санна шу дезаш берш шуна безча, шуна баркалла ца догІу. Къинош летийначарна а ма беза шаьш безарш. Нагахь аш шайна дика болх биначарна дика болх бинехь, шуна баркалла ца догІу. Къинош летийначара а ма до изза. Нагахь санна шайна схьалур дуй хуучу нахе бен аш духалург ца лахь, шуна баркалла ца догІу. Къинош летийначара а ма ло духалург, юха декхар схьаэцархьама. Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагІий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тІаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хІунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца. Къинхетаме хила, стигалара шайн Да къинхетаме ма-хиллара». Бекхам а ма бе, оьгІазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву. Иштта ма ала: «Иза соьца ма-хиллара, со а хир ву цуьнца, цунна доггІург дІалур ду аса». Іийсас и аьлча, юххехьа лаьттачу гІаролхочо, Іийсан юьхь тІе тІара а тоьхна, элира Цуьнга: «Иштта жоп лур дара Ахьа динан коьртачу дега?» Іийсас жоп делира цуьнга: «Ас цхьа хІума нийса ца аьллехь, схьаала, иза иштта дац аьлла. Аса нийса аьллехь, Суна хІунда етта ахь?» Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гІерталаш. Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду“, – боху Везачу Эло». Воне хьо эша ма вайта, ткъа диканиг дарца вонна тІехь толам баккха. ХІун сий хир ду, нагахь шайн бехк буйла а хууш, деш долу таІзар ловш шу делахь? Амма диканиг а дина, шу хало ловш делахь, иза Далла гергахь деза ду. Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХІунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду.
Выбор основного перевода