Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Масала, цхьаъ, зуда а ялийна, цуьнан майра хилира, ткъа цул тІаьхьа, цуьнца доьзна долу эхье хІума а карийна, иза цунна ца езаелира. Цунах дІасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, иза цуьнга дІа а делла, цо и зуда шен цІенна тІера дІайохуьйту. И зуда, цуьнан цІенна тІера дІа а яхана, кхечуьнга маре яха мегар ду. Амма, масала, иза шолгІачу майрачунна а еза ца еллехь, цуьнца дІасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, цуьнга дІа а делла, и зуда шен цІа чуьра арахоьцу. Я, масала, и шолгІа майра дІакхалха мега. ХІета, цуьнан дуьххьарлера майра хиллачу стеган иза шена юхайига бакъо яц, иза бехъелла дела. Шун Везачу Далла хьалха иза дегаза хІума ду. Шайн Везачу Дала шуна дола луш долу латта сийсаз ма даккха». «Нагахь санна майрачо дІаяхийтина йолу зуда, кхечуьнга маре яхча, цуьнан хьалха хилла майра иза йолчу юхавоьрзур вуй те? Бехлур барий те и хІума дича мохк? Исраилан халкъ, дуккха а безаргашца лелла хьо, ткъа хІинца Со волчу юхадерза лууш ду хьо? – боху Везачу Эло. – ТІаккха Іийсана тІе парушхой баьхкира, Иза зерхьама. Цара хаьттира: «Бакъонехь нийса хир дуй муьлххачу бахьанехь а стаг шен зудчух дІасакъастар?» Іийсас жоп делира: «Аша ца дешна Кхоьллинчо и шиъ юьхьанца стаггий, зудий кхоьллина хиларх лаьцна? Цигахь аьлла ду: „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву. ТІаккха и шиъ цхьаъ хир ду“. ХІинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!» ТІаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тІе хІунда диллина, дІасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дІа а лой, цуьнца дІасакъаста аьлла?» Іийсас цаьрга элира: «Шун дегнаш къиза долу дела елла шуна Мусас зудчуьнца дІасакъаста бакъо. Амма дуьххьара иштта ца хилла. Ткъа Аса боху шуьга: зуда сийсаза лелар бахьана а доцуш, кхин хІума бахьана долуш иза йита а йитина, шена кхин зуда ялийна волу стаг, ямартло еш ву». ТІаккха Іийсас жоп делира: «Шен зуда а йитина, кхин зуда ялорг ямартло еш ву. Ткъа зуда, майрачух дІа а къаьстина, кхечуьнга маре йоьдуш елахь, иза а нахаца лелаш ю».
Выбор основного перевода