Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана дийнахь вижначуьра гІаьттина волу Дауд паччахьан цІийнан шерачу тхов тІехула волавелла лелаш вара. Цигара дІахьаьжча, цунна хи чохь луьйчуш йолу цхьа зуда гира. Иза чІогІа хаза яра. Цо, и зуда мила ю хьажа, ялхо вахийтира. Ялхочо Дауде элира: «Иза ЭлиІаман йоІ Бат-ШабаІ ю, хьетахо волчу УръяхІун зуда а ю». Ткъа Дауда и зуда ша волчу схьаяло геланчаш бахийтира. Иза Дауд волчу схьаялийра, Дауд цунах кхийтира. (Ткъа шен беттан цІанъялар цу зудчо хІинца чекхдаьккхинера.) ТІаккха иза шен цІа яхара. Иза берах хилира. Цо Дауде, ша берах ю аьлла, хабар дахьийтира. «Сайн бІаьргашца бина барт бу сан, уьш зудабере хьарамлонца дІахьожур бац аьлла. Цуьнан хазалле хьайн дог ле ма дайта, цуьнан бІаьргашка хьо йийсаре а ма вигийта, Аса иштта боху шуьга, дерриг а вониг даг чуьра арадолуш долу дела: вон ойланаш, стаг вер, ямартло, нахаца лелар, къола дар, эладита кхоллар, харцдерг дийцар. Амма хІора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Іеха а вой, дІалоцу. Стаг харц лаамца цхьаьнакхеттачул тІаьхьа, цу харц лаамо къа кхуллу, ткъа къино, кхачаме схьа а кхаьчна, Іожалла кхуллу. Хьайна хиларх а, къинойх а дуьзна ду церан бІаьргаш. Сина кІезиг нах талхабо цара. Церан дегнаш Іемина ду саьхьара гІуллакхаш лело. НеІалт хилла нах бу уьш.
Выбор основного перевода