Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло иштта боху: «Стигал Сан Іарш ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. Аша мичахь дийр ду Суна цІа? Сан садоІу меттиг а мичахь хир ю? Къа ду шун, шаьш бІаьрзе а долуш, юьхьлаьцнарш. Аша олу: „Делан цІийнах дуй биъча, хІумма а дац, амма Делан цІа чохь долчу деших дуй биъча, иза кхочушбан беза“. БІаьрзе, сонта нах! ХІун ду деза – деши ду, я Делан цІа ду, и деши даздеш долу? Аша боху: „СагІа доккхучу кхерчах дуй биъча, хІумма а дац. Амма цу кхерча тІехь Іуьллучу сагІанах дуй биъча, иза къарбан йиш яц!“ БІаьрзе нах! ХІун ду деза – сагІина еана хІума ю, я ша кхерч бу, еана йолу хІума язъеш болу? Цу кхерчах дуй буучо цу тІе охьайиллинчу хІуманах а боу дуй. Делан цІийнах дуй буучо Делан цІийнах а, цу чохь Іаш Волчух а боу дуй. Стигалх дуй буучо Дала паччахьалла дечу гІантах а, цу гІанта тІехь Волчух а дуй боу. „Стигал Сан Іарш ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. ХІун цІа дийр дара аша Суна? – боху Везачу Эло. ХІун меттиг хир яра Суна садаІа? Уггар хьалха, сан вежарий, стигалх а, лаьттах а, я кхечу хІуманах а чІагІонаш ма елаш, амма шун «хІаъ» «хІаъ» хила деза, «хІан-хІа» «хІан-хІа» хила деза, шу бехке ца хилийтархьама.
Выбор основного перевода