Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан, шайн Делан, цІе эрна ма яккха, хІунда аьлча Шен цІе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таІзар ца деш вуьтур вац. Хьайн Делан цІеран сий а дойуш, харцонна тІехь Сан цІарах дуй ма баа. Со Веза Эла ву. Исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка Мусас элира: «Везачу Эло вайна хІара тІедуьллу: Нагахь цхьаммо Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хІума дан ша дехкахь, цо шен дош дохо ца деза. Ша дийр ду аьлла, тІе мел лаьцнарг кхочушдан деза цо. Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гІуллакх а ма де, Цуьнан цІарах бен дуйнаш а ма баа. Нагахь санна аша шайн Везачу Далла хьалха, чІагІо а еш, дош деллехь, иза сихха кхочушде, хІунда аьлча шун Везачу Дала шуьгара жоп доьхур ду, ткъа шуна тІехь къа дуьсур ду. Нагахь санна аша чІагІо ца йинехь, шуна тІехь къа хир дац. Шайн баганца шаьш шайн лаамца чІагІо йинехь, иза леррина кхочушде, шайн Везачу Далла шаьш чІагІо йина дела. Ахьа Далла сагІина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де.
Выбор основного перевода