Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бекхам а ма бе, оьгІазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву. Іамминхойн а, муабахойн а йиш яц Везачу Элан гуламе баха. Ур-атталла церан уьтталгІачу тІаьхьенан а йиш яц цига баха. ХІунда аьлча шу Мисар-махкара схьадогІучу хенахь уьш баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера шуна. Цара Арам-НахІараймерачу Патур-гІалара БеІаран кІант волу БалиІам лаьцна дуьхьал а валийнера, шуна неІалт кхайкхадайтархьама. Амма шун Везачу Далла ца лиира БалиІаме ладогІа. Шун Везачу Дала цуьнан неІалтех шуна декъалдар хилийтира, шун Везачу Далла шу деза дела. Шайн къам мел хир ду, уьш маьрша хилийта а, церан беркате дахар хилийта а хІумма а ма делаш. Ткъа Ахьа, Веза Эла, сох къинхетам а бай, дІахІоттавехьа со, аса хьакъ дерг дІалур дара царна. Іийсас жоп делира: «Шу тилла, хІунда аьлча Делан Йозанаш ца хаьа шуна, Делан ницкъ а ца бевза шуна. Беллачуьра денлучу заманахь наха зударий а балор бац, я уьш маре а гІур бац. Стигаларчу маликех тарлур бу уьш. Ткъа беллачуьра денбаларх лаьцна аьлча, аша ца дешна Дала шайга аьлларг: „Со ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“? Иза беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву!» Шайна и хьехам хезча, нах чІогІа цецбевлира. Цо садукъой Шен жоьпаца ала хІума а доцуш битина хилар шайна хиъча, парушхой цхьаьна гулбелира. Царах волчу цхьана Іеламчу стага, Іийса зерхьама, Цуьнга хаьттира: «Устаз, товратан хьехамашна тІехь уггар хьалха тІедиллина долу гІуллакх муьлха ду?» Цо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“. Иза уггар хьалхара, уггар лакхара тІедиллина гІуллакх ду. Цунах терра шолгІа тІедиллинарг а ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. Товрат тІера бина берриге а хьехамаш а, пайхамарша яздина дерриге а Дала тІедиллинчу оцу шина гІуллакх тІехь лаьтташ ду».
Выбор основного перевода