Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. Хьан цІа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гІант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“» Везачу Эло чІагІо йина Даудана, Ша юхавер воцу ваІда дина Цо: «Хьан тІаьхьенах волчу стагана лур ю Аса ахь динчу тайпана паччахьалла дар. ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дІайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим. Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Іибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц». Ткъа паччахьалла а, олалла а, ерриге а стигална кІел йолчу пачхьалкхийн сийлалла а дІалур ду Веза Воккхачу Делан болчу нехан къоман кара. Делан паччахьалла абаделлалц долу паччахьалла ду. Массо а олахой Цунна Іибадат деш а, муьтІахь а хир бу“. Ас астагІчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дІасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тІехь оцу хенахь дуьйна абаденналц. Іийсас, тІе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла. КІантах лаьцна Цо аьлла: «Хьан олаллин гІант, Дела, абаденналц лаьтта, Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду. «Палидалпи-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догІа Долчо. Цо неІ дІаястахь, цхьаьнгге а иза дІакъовлалур яц. Цо неІ дІакъовлахь, цхьаьнгге а иза дІаясталур яц.
Выбор основного перевода