Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Суна иза го, амма иза хІинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тІаьхьенах. Паччахь вогІур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бІаьштигаш а отур ю, ШатІин ерриге тІаьхье а хьоьшур ю. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. ЛадогІал, коьрта динан да волу ЮшаІ – ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Іаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зІийдаг. Цуьнга дІаала, – иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗІийдаг цІе йолчу хІокху стага ша волчохь зІийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цІа юхаметтахІоттор ду цо. Ткъа Соьга ларамах дуьзна долчу шуна тІехула нийсо тІейоуьйту малх гІоттур бу, цуьнан зІаьнаршкахь дарба хир ду. Шу, божала чуьра арахецна долу эсий санна, кхиссалур ду. Хьалхалерчу заманахь Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш сийсаздахийтина хиларе терра, тІейогІуш йолчу хенахь хІордйистера некъ шена тІехь болу мохк – Йордан-хил дехьа болу мохк а, кхечу къаьмнех болчу нехан болу Галилай-мохк а – сий дина хир бу. ТІаккха хьан серло, сахуьлучу хенахь санна, гучуер ю, хьан товалар сихха хир ду, хьан нийсо хьуна хьалхаяьлла дІагІур ю, Везачу Элан сийлалла а тІаьхьадогІур ду хьуна. «ГІаттахьа, серлаялахьа, Ярушалайм, хьан серло схьа ма еана, Везачу Элан сийлалла хьуна тІехула хьала ма яьлла! Боданехь Іийначу халкъана йоккха серло гира! Іожаллин ІиндагІехь болчу махкахь Іийначу нахана серло къеггина дІахІоьттира!» Церан бІаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тІера Далла тІеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“».
Выбор основного перевода