Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Леас элира: «Со ирс долуш ю! ХІинца массо а зударша со ирс долуш ю эр ду!» Цу кІентан цІе Ашар тиллира цо (иза «ирс» бохург ду). Цо шен доІанехь нигат дира: «Массо а ницкъашна тІехь волу Веза Эла! Тидам бехьа сан деган лазаме! Со хьайна дагаяийтахьа! Йиц ма ехьа! Ахьа суна божабер лахь, аса иза Хьуна массо а йолчу ханна дІалур ду. Цуьнан коьртарчу месех урс а хьакхалур дац». Мила ву вайн Везачу Делах тера верг, лакхаллашкахь Іаршана тІехь Іаш волчу а, Цо бохура: «ХІара суна Везачу Элера ду! Со хенара йоллушехь, сох къинхетам а бина, нахана хьалха со юьхькІайчу хІоттийна Цо». Іийса къамел деш а волуш, нахана юкъара цхьана зудчо мохь туьйхира: «Декъала ю Хьо кийрахь лелийна а, Хьуна накха белла а йолу зуда!»
Выбор основного перевода