Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло Нохье элира: «Хьо хьайн доьзалца хинкеманна чу вала, хІунда аьлча цу заманан адамашна юкъахь хьо цхьаъ Сайн лаамехь волу стаг хилар го Суна. Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хІоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Іамал а е, хьанал ваха, Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цІена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тІедиллина гІуллакхаш а кхочушде. «Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа со Хьуна тешаме а волуш, доггах тІевирзина а хуьлуш, Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТІаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхІу.
Выбор основного перевода