Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Везачу Эло бохабо хийрачу мехкашкара къаьмнийн лаамаш, хІаллакйо халкъийн Іалашонаш. ХІордан саьрмик РахІаб, эшийнарг санна, хьаьшна Ахьа, Хьайн ондачу куьйгаца Хьайн мостагІий а дІасабаржийна Ахьа. Мисканаш Ахьа кІелхьарбоху, цабашарца хьоьжурш Хьайн хьажарца охьатаІабо Ахьа. Хьажал, Хьалдолу Эла ницкъаца вогІуш ву, Цуьнан куьг ду урхалла деш. Цуьнан совгІат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогІуш ю. Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтІахь а долуш де гІуллакх, хІунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо».
Выбор основного перевода