Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Кхойкхучун аз хезаш ду: «Яьссачу аренгахь Везачу Элана некъ кечбе! Эрначу аренгахь нисде тхан Далла некъан тача! «Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ас шуна тІе Эли-ЯхІу-пайхамар воуьйтур ву, сийлахь а, къемате а долу Везачу Элан де тІекхачале. Яхьъях лаьцна ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьлла: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!» Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХІаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву. Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхІу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тІе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хІиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хІотторхьама».
Выбор основного перевода