Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Цу кхерчана тІехь АхІарона хаза хьожа йогІу хІума ягор ю. ХІора Іуьйранна, къуьданаш цІандечу хенахь, цу кхерчана тІехь хаза хьожа йогІу хІума яго еза АхІарона. Цу тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягийра Мусас, Везачу Эло тІе-ма-диллара. Ткъа Іамраман ши кІант вара: АхІарон а, Муса а. АхІарон а, цуьнан тІаьхье а гуттаренна а къастийнера Дала, цаьрга уггар деза гІуллакхаш кхочушдайтархьама. Царна тІедиллина гІуллакхаш хІорш дара: Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогІу кІур баккхар а, Цунна Іамал яр а, Цуьнан цІарах адамаш декъалдар а. Сан хьоме левихой! Ларам боцуш ма хилалаш, хІунда аьлча Везачу Эло шу хаьржина, Шена уллохь хилийтархьама а, шуьга Шена лерина гІуллакх дайтархьама а, шу Шена гІуллакх дийраш а, хаза хьожа йогІу хІума ягораш а хилийтархьама а». Цу кепара динчу четаран хьалхарчу цІа чу Далла Іамал ян динан дай боьлху гуттар а.
Выбор основного перевода