Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тІаьхьенашна Ша делла дош, «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. „Айхьа Суна бина болу кІентий а, мехкарий а ахьа, схьа а эцна, царах хьайн харцделанашна сагІа даьккхира. Иштта, хьан Суна тешаме цахилар тоьуш а доцуш, Кхузткъе уьттазза ворхІ-ворхІ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гІалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тІе мухІар тоха а, къинош дІадаха а, даим нийсо латтийта а, хІуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чІагІдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а. Якъубан тІаьхьенна Хьо тешаме хир ву, ИбрахІиман тІаьхьенна Ахь къинхетам дІагойтур бу. Иза тхан дайшна юьхьанца дуьйна Ахьа ваІда деш лур ду аьлларг ду. Амма Дала Шен пайхамаршкахула Ша дерриг а юхаметтахІоттор ду аьлларг тІекхаччалц йолчу ханна Іийса стигалахь хир ву.
Выбор основного перевода