Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Дала леррина къобалвинчу Делан КІантах Іийсах лаьцна хаза кхаъ болабелла иштта. Ткъа тІулгаш тІе эгнарш – уьш, дош хезча, хазахетарца и тІеоьцурш бу. Амма шайн цхьа а орам боцуш, уьш цхьана ханна теша, ткъа зуьйш йолчу хенахь, уьш юьстахбовлу. Ткъа дикачу лаьтта тІе эгнарш – уьш, дош а хезна, дикачу, цІеначу даг чохь и лардеш, собаре хиларца пайден стом луш берш бу». Ткъа шаьш юьххьехь дуьйна а Соьца хиларна, аша а тоьшалла дийр ду Сох». Ткъа оха тхешан ерриге а хан доІанаш дарна а, Делан дош кхайкхорна а хьажор ю». Ткъа шайн меттера дІалаьхкина болчу мурдаша Везачу Элан Дашах лаьцна хаза кхаъ кхайкхабора шаьш лелачохь. Тапа вийначул тІаьхьа шайна беш хиллачу ницкъах бевдда кІелхьарбевлла Іийсах тешнарш Пиники-гІала а, Кипре а, Антиохе а кхечира. Іийсах болу хаза кхаъ жуьгташна бен ца бовзуьйтура. ХІинца шун коьртехь болчу тхьамданашка ала лаьа суна. Со а ву тхьамда а, Дала леррина Къобалвинчо баланаш ловш теш а хилла. Гучудаьн долу Цуьнан сий-ларам Цуьнца доькъур ду ас. ХІунда аьлча нехан мекарчу туьйранех тардина ца дийцина оха шуна, вайн Дала леррина къобалвина Іийса-Эла вогІур ву аьлла. Тхо тхаьш Цуьнан сийлалла гина тешаш ду. Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бІаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Іотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара. таІзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кІелхьардовларх ца дашахь? И кІелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дІакхайкхийра, цул тІаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чІагІдира.
Выбор основного перевода