Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Гуттаренна а хьан тІаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тІаьхьенийн а Дела хир ву. Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Дай шайн берашца къинхетаме хиларе терра, Везачу Эло а къинхетам бо Шех кхоьручарах. Азалера абаденналц бу Везачу Элан хедар боцу безам Цунах кхоьручаьрга, ткъа Цуьнца бина барт ларбеш йолчу а, Цо делла парзаш кхочушдеш йолчу а массо а тІаьхьенашна Цуьнан дика лаьтта.
Выбор основного перевода