Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Исраилан халкъан Везачу Дала, тІе а дуьллуш, церан дегахула АхІаронехула билгал-ма-даккхара, Везачу Элан цІа чохь гІуллакх дан уьш боьлхучу хенахь, иштта рагІ яра церан. Шен дас Дауда тІе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дІахІиттийнера шен-шен рогІехь гІуллакх дан. Иштта левихой а дІахІиттийнера цо, хастамаш барна тІехь куьйгалла дан а, хІора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гІо дан а. ХІора кевнехь дІахІиттийна гІаролхой хилла, шен-шен рожехь гІарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда.
Выбор основного перевода