Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Кхин а тІетуьйхира Везачу Элан Малико: «ХІажар, хьо хІинца доьзалхочух ю, хьан кІант хир ву. Ахьа цуьнан цІе ИсмаьІал туьллур ю (иза „Далла хеза“ бохург ду). Везачу Элана хаза ма хезара хьуна ницкъ беш. Цу зудчунна дуьхьал Везачу Элан Малик деара. Цо элира: «Хьо берах хуьлуш а, бер деш а ца хиллехь а, ахьа, берах а хилла, кІант вийр ву. Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоІа, берах а хилла, кІант вийр ву, цуьнан цІе Іимануал туьллур ю. Цо кІант вийр ву. Цуьнан цІе Іийса тиллалахь, хІунда аьлча Цо Шен къам къинойх кІелхьардоккхур ду». БорхІалгІачу дийнахь кІант хадо везаш вара. Цуьнан цІе Іийса тиллира. И цІе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра.
Выбор основного перевода