Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Кхойкхучун аз хезаш ду: «Яьссачу аренгахь Везачу Элана некъ кечбе! Эрначу аренгахь нисде тхан Далла некъан тача! «Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Цо дайн дегнаш берашкахьа дерзор ду, ткъа берийн дегнаш дайшкахьа дерзор ду, Со, дІа а ваийтина, Соьга шайн мохк дІа а къастабайтина, иза кхоччуш хІаллак ца байтархьама». Цара бохуш дерг шу тІеэца кийча делахь, Яхьъя ву-кх шуна и вогІур ву бохуш волу Эли-ЯхІу. Іийсас жоп делира: «ХІаъ, Эли-ЯхІус, ван а веана, массо а хІуманна тІехь низам хІоттор ду. Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: „Везачу Элана некъ кечбе, нисде Цунна хьалха некъан тачанаш“». Іийсас жоп делира царна: «ХІаъ, хьалха билггала Эли-ЯхІу-пайхамар ван веза, массо а хІуманна тІехь низам хІотторхьама. Ткъа Адамийн КІантах лаьцна яздина хІунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла? Яхьъяс жоп делира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаран дешнашца: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со: „Везачу Элана хьалхара некъ нисбе“».
Выбор основного перевода