Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
доьзалехь хьалха дуьнен чу ваьлла хІора кІант а, боьрша хьайба а Везачу Элана дІало. Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоІа, берах а хилла, кІант вийр ву, цуьнан цІе Іимануал туьллур ю. Кхузткъе уьттазза ворхІ-ворхІ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гІалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тІе мухІар тоха а, къинош дІадаха а, даим нийсо латтийта а, хІуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чІагІдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а. Цуьнан дуьнен чу валар иштта хилира: Іийсан нана Марем Юсупна ехна хилла. Амма иза маре яхале гучудаьлла Марем Делан Синах доьзалхочух хилар. Цо цу гІуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гІенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира: «Даудан кІант Юсуп, Марем хьайна дІайига ма кхера, хІунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду. Иблисо, Цунна тІе а дахана, элира: «Хьо Делан КІант велахь, хьуьлла Іохкуш долчу тІулгашна тІедожаде, бепиг хила алий». «Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, Кхин а элира Іийсас: «Шу лахарчех ду, ткъа Со лакхарчех ву. Шу кху дуьненах ду, ткъа Со кху дуьненах вац. Амма Дала Иза, Эла а, кІелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тІедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а. И хаза кхаъ Делан КІантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хІух схьаваьлла ву. Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула, КІантах лаьцна Цо аьлла: «Хьан олаллин гІант, Дела, абаденналц лаьтта, Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.
Выбор основного перевода