Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Старана шен да вевза, вирана шен хІусамден хьаьвда девза, ткъа исраилхошна Со ца вевза, Сан халкъ ца кхета». Хьайн бедарех цхьайолу хІуманаш схьа а эцна, цаьрца бес-бесара сагІа доккху гунаш кечдира ахьа, цигахь, Суна тешаме а ца хуьлуш, нахаца лела зуда санна а лелаш. Иштта лелар ца магийнарг а, хила ца дезарг а ма ду! Ас хьайна делла долу тоьлла дама а, зайтдаьтта а, моз а ахьа хьайн цІушна дІаделира. Иштта хила а хилира“, – боху Хьалдолчу Эло. Хьайн хьекъалца а, кхетамца а гулдина ахьа хьайн дерриг а хьал а, хьайн хазни чуьра деши а, дети а. Цара, Сох дага а ца бовлуш, паччахьаш шаьш дІахІиттабора. Соьга а ца хоьттуш, элий а дІахІиттабора. Шайн детих а, шайн деших а шайна цІуш бина цара, амма оцу цІуйн хІаллакьхиларан Іалашонна бен хир дац иза.
Выбор основного перевода