Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ДІаала Ярушалайме эсала, дІахаийта цуьнан халкъе, бала хьегна шераш чекхдевлла хилар, цуьнан къинойх мах дІабелла хилар. Везачу Элан куьйгах шалха таІзар тІеэцна цо дерриг а шен къинойх». Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, нуьцкъалчу куьйгаца а, тІекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаІанийначу дераллица а шуна тІехь паччахьалла дийр ма ду Аса. Нуьцкъалчу куьйгаца а, тІекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаІанийначу дераллица а Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара ара а дохур ду, шаьш дІасадаржийначу мехкашкара схьа а гулдийр ду. Аса цхьана а ден долахь йоцчу яьссачу аренга схьагулдийр ду шу, юьхь-дуьхьал а хІиттийна, шуна кхел йийр ю Аса. Ас кхел йийр ю шуна, шун дайшна мисархойн яьссачу аренгахь ма-ярра». Иштта боху Хьалдолчу Эло. «Сайн коьжалгана кІелхула лоьлуьйтур ду Аса шу, иштта Сайца бинчу бертан декхарш кхочуш а дойтур ду. Суна дуьхьалбевлларш а, Суна дуьхьал аьрха лелларш а шуна юкъара схьакъастор бу Ас. Шаьш бехаш болчу махкара Ас уьш арабохур белахь а, уьш цкъа а Исраил-махкана чубогІур бац. ТІаккха хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла. ТІаккха Ас юха а халкъашна цІена мотт лур бу, массо а Везачу Эле кхайкхийтархьама а, белшах белш а тоьхна, Цунна гІуллакх дайтархьама а.
Выбор основного перевода