Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Шен сино бала хьегначул тІаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тІекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тІехь дІа а хьур ду. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагІанел. Везачу Эло боху: «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гІерта. Со воцург, шу кІелхьардохург кхин цхьа а ма вац. Ткъа Хьо волчохь хедар доцу дахар бохург ду: цхьаъ бен воцу бакъволу Дела волу Хьо а, Ахьа дуьнен чу вахийтина волу Айхьа леррина къобалвина волу Іийса а вовзар.
Выбор основного перевода