Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Зудаберана шен жовхІарш диц ца ло. Нускална шен доьхка а диц ца ло. Амма Сан халкъана Со диц ца даллал дукхазза вицлора. Ас мерах йолла чІуг а елира хьуна, лергех тийса чІагарш а, иштта коьрта тІе тилла исбаьхьа таж а делира хьуна. Ас хьайна елла йолчу деших а, детих а йинчу хІуманех ахьа хьайна боьрша цІуш бира, нахаца лелаш йолу зуда санна цаьрца а лелаш. Иза дина а ца Іаш, цара кхечу мехкашкара баьхкинчу нахана тІаьхьа шайн геланчаш бохуьйтура. Уьш схьабаьхкича, хьо, хьайн юьхь а юьлий, бІаьргашна басар а хьокхий, хьайна тІе жовхІарш а духий, дІахІуттура. Сан халкъ дІасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дІатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гІуллакх дар Аса а дІатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш». «Динан дай дебаре терра, Суна дуьхьал долу церан къинош а алсамдуьйлуш ду. Церан сийлалла сийсазалле ерзор ю Аса. Сан халкъо даьхна къинан сагІанаш а дууш, церан синош халкъо лелийначу харцонашна тІегІерта. Аса шун йоІаршна таІзар дийр дац цара кхахьпалла лелорна, шун несаршна а таІзар дийр дац Аса уьш нахаца леларна. ХІунда аьлча шу шаьш кхахьпанашца дІа а дуьйшу, нахаца лелаш болчу „безачу“ зударшца цхьаьна сагІанаш а доху аша. Ткъа: „Кхетам боцу халкъ дакъаза ма долу!“» Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара. Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура. Цундела цара Со вицвора.
Выбор основного перевода