Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тІе дІадуьгуш ду. Оцу лаьтта тІехь татолаш, Іемаш а, шовданаш а ду, тогІешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу. Оцу лаьтта тІехь кІа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду. Оцу лаьтта тІехь цхьа а эшам ца хаалуш, аша шайн бепиг а дуур ду, цхьана а хІуманна тІехь эшаме а хир дац шу. Оцу лаьттарчу тархаш чохь эчиг ду, ткъа оцу лаьттан лаьмнаш чуьра аша цІаста доккхур ду. Ткъа шаьш йиина а девлла, дуьзча, Цо шуна делла долчу токхечу лаьттана шайн Везачу Далла хастам белаш». Оцу дийнахь Ас Сайн оьгІазалла тосур ю царна тІе. Ас уьш буьтур бу. Ас царах Сайн юьхь дІакъовлур ю, ткъа и халкъ хІаллакдина хир ду, цунна тІе дукха халонаш а, баланаш а буьссур бу. ТІаккха оцу дийнахь халкъо эр ду: „ХІара халонаш вайн Веза Эла вайна юкъахь воцу дела-м ца еана те вайна тІе?“ Хьо Кхоьллинарг ву хьан майра – Цуьнан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Хьо ПаргІатъяьккхинарг Исраилан халкъан Веза Дела ву, Цунах дерриге а лаьттан Дела олу. Везачу Эло кхойкху хьоьга, йитина а, дог доьхна а йолчу зудчуьнга санна, жимачу хенахь ялийна а, юха дІатесна а йолчу зудчуьнга санна, – боху хьан Дала. – «Ярми-ЯхІу, ваха а гІой, Ярушалайман халкъе дІахьедар де. Цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Къоначу хенахь хьо тешаме хилар дагадогІу Суна, хьо къона нускал долуш Со везара хьуна. Хьо Суна тІаьхьахІоьттина догІура яьссачу аренгахула – тІе хІу тасаза долчу лаьтта тІехула. «Нагахь санна майрачо дІаяхийтина йолу зуда, кхечуьнга маре яхча, цуьнан хьалха хилла майра иза йолчу юхавоьрзур вуй те? Бехлур барий те и хІума дича мохк? Исраилан халкъ, дуккха а безаргашца лелла хьо, ткъа хІинца Со волчу юхадерза лууш ду хьо? – боху Везачу Эло. – Юха, тІехволучу хенахь Суна гира хьо – хьо безамна кийча яра. Ас Сайн бедарш тІеозийра хьуна тІехула, хьан ерзина хилар дІа а хьулдеш. Ас чІагІо йира хьан хила, иштта Ас хьоьца барт а бира. ТІаккха хьо Сан хилира’“. Иштта элира Хьалдолчу Эло. Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара. Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура. Цундела цара Со вицвора. Шайца хІара дешнаш схьа а эций, Везачу Элана юхадерзийша. Иштта алийша Цуьнга: «Гечдехьа тхан массо а къиношна, тІеэцахьа тхан дохкодовларан доІа, ткъа оха Хьуна хастамийн сагІанаш дохур ду. Метта а веана, цо аьлла: „Мел дукха ялхой бу сан ден цІахь, церан массеран а шортта яа хІума ю, ткъа со кхузахь мацалла леш ву! ДІавахана, сайн да волчу юха а вирзина, ас эр ду цуьнга: Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас!
Выбор основного перевода