Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
«ТІейогІур ю зама, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан халкъан а, ЯхІудан халкъан а мехкашна тІехь, ахархочо ялта кхиош санна, адамаш а, дийнаташ а кхуьуьйтур йолу. ХІара денош дІадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тІаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тІехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. Со шуьца ву, Ас гІо дийр ду шуна. Шу охур а ду, шуна тІехь ялта дІа а дуьйр ду. Гомара, юха а берах а хилла, йоІ йина. Везачу Эло ХІушаІе элира: «Цунна, „Къинхетам цабинарг“ (Ло-Рухьама) алий, цІе тилла, хІунда аьлча Исраилан халкъах Аса кхин къинхетам а бийр бац, цунна геч а дийр дац. Везачу Эло элира: «Цунна, „Сан халкъ дац“ (Ло-Іами) алий, цІе тилла, хІунда аьлча шу Сан халкъ а дац, Со шун Дела а вац. Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хІордан гІум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кІентий ду“, – бохур ду цаьрга. И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“» ХІушаІ-пайхамаран тептар тІехь Дала иштта боху: «Сайн доцучу халкъах – „Сан халкъ“ эр ду Аса, Сайна езаш йоцучух а – „Сайна езаш ерг“ эр ду Аса. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кІентий ду“, – бохур ду цаьрга». «Цхьана хенахь халкъ дацара шу, ткъа хІинца Делан халкъ ду. Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара, ткъа хІинца Дала къинхетам бина шух».
Выбор основного перевода