Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Тохара Везачу Элана тешаме хилла йолу гІала хІинца, кхечу деланашна Іамал а еш, кхахьпанах тар ма елла! Тохара бакъдерг лелорах юьзна яра иза, нийсо цунна чохь Іаш яра, амма хІинца цигахь адамаш дойурш бен бац! «Нагахь санна майрачо дІаяхийтина йолу зуда, кхечуьнга маре яхча, цуьнан хьалха хилла майра иза йолчу юхавоьрзур вуй те? Бехлур барий те и хІума дича мохк? Исраилан халкъ, дуккха а безаргашца лелла хьо, ткъа хІинца Со волчу юхадерза лууш ду хьо? – боху Везачу Эло. – Ерзинчу лакхенашка хьала а хьажий, схьаалахьа, Исраилан халкъ, хьо хьарам мичахь ца лелла? Хьайн безаргашка хьоьжуш, некъан йистехь Іийна хьо, Іаьрбихо яьссачу аренгахь некъахошна тІелата дагахь ма-Іарра. ХІара латта бехдина ахьа хьайн хьарам леларца а, мекарлонца а. Юши-ЯхІу паччахь волчу хенахь Веза Эла соьга вистхилира. Цо соьга элира: «Ярми-ЯхІу, хьуна гирий „Тешнабехк“ олуш долчу Исраилан халкъо лелийнарг? Цуьнан тешаме цахилар хьуна гирий? Иза суна хьарам хилла хІора лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу дитта кІелахь а. Тхаьш аьлларг оха билггал кхочушдийр ду: оха цІеран а, чагІаран а сагІанаш а дохур ду стигаларчу зуда-паччахьна, ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а тхо а, тхан дай а, тхан куьйгалхой а, тхан паччахьаш а, тхан баьччанаш а ма-леллара лелар а ду. Оцу хенахь тхан даа хІума а хуьлура, тхан аьтто а хуьлура, тхуна тІе вонаш а ца догІура. Амма тхо стигаларчу зуда-паччахьна цІеран а, чагІаран а сагІанаш дохучуьра севцича, тхан хІумма а дацара, ткъа тхо туьро а, мацалло а хІаллакдеш дара». «Кицанаш далош мел волчо, хьох лаьцна хІара кица далор ду: „Нана ма-хиллара, йоІ а ю“.
Выбор основного перевода