Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ас шайга аьлларг дерриг а кхочушде, кхечу деланашна Іибадат ма де, ур-атталла церан цІераш а ма яха». Церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дагаде, церан цІу-деланаш дІахедабелаш, оцу харцделанийн цІераш а дІаяхалаш оцу меттера. Шайна юкъахь дисинчу халкъех дІа ма э, церан деланашка а ма кхайкха, цу деланийн цІарах чІагІонаш а ма е, царна гІуллакх а, Іибадат а ма де. Хийрачу деланашна тІебоьлхучеран баланаш совбевр ма бу. ЦІий Іаноран сагІанаш аса церан деланашна дохур дац, церан цІераш а сайн багахула аса йохур яц. Аса таІзар дийр ду цунна, БаІал-цІушна хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, шен чІагарш а, туьтеш а шена тІе а оьхкина, шен безаргашна иза тІаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», – боху Везачу Эло. Ас Сайн куьг дерзор ду ЯхІудан халкъана а, Ярушалайм-гІалин берриг бахархошна а дуьхьал. Цу меттигера БаІал-харцдалла Іамал еш диснарг хІаллакдийр ду Ас. Хийрачу динан дайн а, Делах дІабирзинчу динан дайн а цІераш кхин цкъа а багах йохур яц. И де тІекхаьчча, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас дІайойур ю кху лаьтта тІера цІуйн цІераш, уьш кхин дагаоьхур бац. Ас иштта махка тІера дІабохур бу харцпайхамарш а, цІушна Іамал ян лаар а дІадоккхур ду.
Выбор основного перевода