Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ма кхехьа Суна ца оьшу совгІаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогІу хІуманаш а ягош, доху сагІанаш. Бутт цІинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тІаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета! Бутт цІинлуш шун гулдалар а, шун деза денош а Суна бІаьрга дан ца деза. Уьш мохь санна ду Суна, амма Со кІадвелла и мохь дІакхехьа. Вотанашца самукъадаккхар а дІадаьлла, самукъадолучийн гІовгІа а сецна, пондарийн аьзнаш а дІатийна. Аса сацор ду ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, Ярушалаймехь а ирсе аьзнаш а, церан самукъадалар а. Кхузахь цхьанна а хезар дац нускалан а, зуда ялочун а аьзнаш, хІунда аьлча хІара латта дассийна лаьтташ хир ду». Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Кестта Аса сацор ду кхузара самукъане аьзнаш а, зударий балош болчеран а, нускалийн а аьзнаш а. Иза шу дехачу заманахь хир долуш ду». Тхан дегнийн хазахетар а дІадаьлла хІинца. Тхан халхарш а белхаре дирзина хІинца. Шун деза денош гІайгІане дийр ду Ас, аша локху массо а эшар, белхар а дина, дІахІоттор ю. Массарна а сингаттаман духар тІедухур ду, хІораннан а корта баьшна хуьлуьйтур бу. Махкахь белхар доккхур ду, цхьаъ бен воцучу кІантана деш долу белхар санна, цуьнан чаккхе къаьхьа де санна хир ю.
Выбор основного перевода