Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дІайоккхур ю Аса, тІаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тІаккха иза массара а хьоьшур ю. Цу дийнахь ИзраІалан тогІи чохь исраилхойн тІеман ницкъ бохор бу Аса». Дала таІзар динначу дийнахь Эпраймах яьсса аре хир ю. Иштта Аса дІакхайкхийнарг а шеко йоцуш хир ма ду! КІорнех яьккхина ча санна, тІелетар ву Со царна. Шена чохь дог долу церан накха этІор бу Аса. Уьш, лоьмо санна, буур бу Аса. Уьш цоьстур бу аренийн акхароша». Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргІалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Іожан дитт а – дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дІадаьлла. Дерриге а цуьнан Іамал еш долу суьрташ дохор ду. Сийсаза леларна делла долу совгІаташ цІергахь дагор ду. Ас цуьнан массо а цІуш бохабойтур бу. ЦІуйн дуьхьа лелаш долчу кхахьпаллина цо совгІаташ схьаэцарна, кхахьпаллина уьш кхин а дІалур ду».
Выбор основного перевода