Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ГІайгІа е тІехь коканан коьллаш а, кІохцалш а долчу Сан халкъан лаьттах. Делха массо а самукъане хиллачу цІенойх а, йоккхаеш хиллачу гІаланах а. ХІунда аьлча гІап дІатесна хир ю, гІовгІане гІала а яссалур ю. ГІалара цІенош а, шайна тІехь ха деш йолу бІаьвнаш а, саьлнаш а йина лаьттар ю гуттаренна а. Акха варраш а кхерстар ю цигахь, дежаш уьстагІий а лелар ду, Эрна арахь тІедолучу зезагна санна, Ас хьалакхиа гІо дира хьуна. Хьо, йоккха а хилла, исбаьхьа хаза хилла дІахІоьттира: хьан накхош хьалаайаделира, хьан месаш яхъелира, амма хьо, тІекхоьллина хІума йоцуш, ерзина яра. Айхьа дегаза мел долу гІуллакхаш леладечу хенахь а, Суна тешаме ца хуьлучу хенахь а хьуна дага ца йогІура хьо жима а, къона а хилла зама – оцу хенахь хьо ерзина а яра, тІехь хІума а йоцуш, хьайн цІийлахь хьийзаш а яра“». Ас дІалур ю хьо хьайн безарийн кара, тІаккха дохор ду хьан кхахьпаллин цІенош, дІасакхуьйсур ю хьан цІушна Іамал ян меттигаш а. Цара хьуна тІера бедарш дІайохур ю, хьан жовхІарш дІадохур ду, ткъа хьо ма-ярра ерзина юьтур ю. Ткъа хІинца иза яьссачу аренгахь дІайийна, хих хьоьгуш долчу декъачу лаьттахь. Дала таІзар динначу дийнахь Эпраймах яьсса аре хир ю. Иштта Аса дІакхайкхийнарг а шеко йоцуш хир ма ду! Денош тІедогІур ду, – боху сан Хьалдолчу Эло, – Ас лаьтта тІехь мацалла хуьлуьйтур йолу. Иза бепиг доцу мацалла а хир яц, хи доцу хьогалла а хир яц. Иза Везачу Элан дош хазаре сатуьйсу хьогалла хир ю.
Выбор основного перевода