Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цийон-лам тІе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду, ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат, Везачу Эло мел деллачунна: кІа, керла чагІар, зайтдаьтта, жена а, бежана а юкъара кІорнеш. Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш, ткъа церан дог кхин доьхна хир дац. «Цу дийнахь иштта хир ду: лаьмнаша чагІар охьаІенор ду, баьрзнашкара шуьреш охьаоьхур ю, ЯхІуд-мехкан татолаш а хих дузур ду. Везачу Элан цІа чуьра шовда охьадогІур ду, ткъа цо Шитим-тогІина хи мийлор ду. Ас Сайн халкъ йийсарера шен лаьтта тІе юхадерзор ду. Яссийначу гІаланашкахь гІишлош а йина, царна чохь баха охьаховшор бу уьш. Кемсийн бошмаш а йоьгІна, царах даьккхина мутта а муьйлур ду, бошмаш а кхиийна, царах бевлла стоьмаш а буур бу цара.
Выбор основного перевода