Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ХІунда луш ю адамна серло, цуьнан дахаран некъ къайлаха хилча, массо а агІор Дала цунна го бина хилча? Суна хьалхара некъ Цо дІалаьцна, цундела со дІа ца вахало, сан некъаш тІе Цо бода хІоттийна. qac Вqac*езачу Эло тІулгашца дуьхьало йи сан некъашна, со лела некъаш а галдехи Цо. Бохам болчуьра исраилхой дІагІахь а, уьш Мисар-махко схьагулбийр бу. Нуп-гІалин лаьттахь дІабухкур бу уьш. Ниттийн дола евр ю церан детин хІуманаш. Коканийн кІохцалш девр ду церан цІенош тІехь. ХІаллакйина хир ю Авайнан сагІа доккху лакхенаш – Исраилан халкъан къинош. СагІа доккхучу церан меттигаш тІе кІохцалш а, яраш а евр ю. ТІаккха халкъо эр ду лаьмнашка: «ДІахьулдейша тхо!» Баьрзнашка а доьхур ду: «ТІеэгийша тхуна!» – бохуш.
Выбор основного перевода