Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
„Амма ахьа, хьайн хазаллех а, хьайн цІеяхана хиларх а пайда а оьцуш, хьайна тІех мел волучуьнца нахаца лелачу зудчун гІиллакхаш леладора, цуьнга хьайн хазаллех дезар а оьцуьйтуш. УхІулат, Суна тешаме а йоцуш, нахаца лелара. Иза ашурхой болчу шен безаргашца лела марзъеллера. Уьш бара сийна духарш дуьйхина болу тІемалой а, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а. Уьш массо а хаза къонахой бара, говза дошлой болу. Везачу Эло, ХІушаІехула Исраилан халкъе Ша вистхила волалуш, иштта элира: «Вало, нахаца лела зуда ялае хьайна, цунах девр долу бераш схьаэца, тешаме доцуш уьш хир делахь а, хІунда аьлча хІара халкъ чІогІа зуламе даьлла, кхечу деланашна тІаьхьа а хІоьттина, Везачу Элах дІадирзина иза». ХІунда аьлча церан нана тешаме яцара, уьш дуьнен чу даьхнарг сийсаза лелара. Цо ша а олура: „Сайн безаргашна тІаьххье дІагІур ю со, цара суна бепиг а, хи а, тІаргІа а, вета а, даьтта а, маларш а луш долу дела“. Дийнахь галвер ву хьо, динан да, ткъа хьоьца цхьаьна буьйсанна пайхамарш а галбевр бу. Иштта хьан нана а дІасацор ю Аса.
Выбор основного перевода