Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Хьанна дуьхьалваьлла Исраилан паччахь? Хьанна тІаьхьаваьлла лелаш ву хьо? Деллачу жІаьлина тІаьхьаваьлла, цхьана сагална тІаьхьаваьлла? Цо, серло санна, хьан бакъдерг а гучудоккхур ду, дийнан делкъе санна, хьан нийсо а гучуйоккхур ю. Хьоьга бІаьрзечарна са гайтийтархьама а, тутмакхаш набахтера арабахийтархьама а, боданехь Іаш берш серлонга бахийтархьама а. БІаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дІабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дІатосур бац Ас. Везачу Эло иштта боху: «Бакъдерг лар а де, нийсо а лелае, хІунда аьлча Сан кІелхьардахар гергакхаьчна, Сан нийсо кестта гучуйоккхур ю. Ярушалайм-гІалано боху: «Ма бала бу соьгахь, хІара лазарна! И сан чов дукха хала ю. Аса аьллера: „Иза цамгар бен яц, со цунах толур ю“.
Выбор основного перевода