Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Оцу дийнахь Везачу Эло юха а Шен куьг дІакховдор ду Ашур-махкара а, Мисар-махкара а, ПатІрус-махкара а, Хуша-махкара а, Іейлам-махкара а, ШанІар-махкара а, Хьамат-гІалара а, хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнашкара а Шен халкъах дисина дакъа, мах а бина, юхадало. ТІаккха Ашур-махкахь дисинчу Цуьнан халкъан декъана боккха некъ хир бу, ша Мисар-махкара арадолучу хенахь Исраилан халкъана иза хиларе терра. Цу дийнахь Мисарара Ашур-махка боьду боккха некъ хир бу. Ашурхой Мисара богІур бу, мисархой Ашур-махка гІур бу. Мисархой ашурхошца цхьаьна Везачу Элана Іамал еш хир бу. Цу дийнахь Мисаран а, Ашуран а къоман даржехь Исраилан къам а хир ду. Уьш декъалдар хир ду дерриге а дуьненна. Уьш декъал а деш, массо а ницкъийн Везачу Эло эр ду: «Декъалдина ду Сан халкъ долу Мисаран къам, Аса кхоьллина долу Ашуран къам, леррина Сан долахь дерг долу Исраилан къам». Ас Эпрайм-махкара тІеман гІудалкхаш дІайохур ю, Ярушалайм-гІалара тІеман дой дІадохур ду, ткъа тІеман Іад кагдина дІадаьккхина хир ду. Оцу паччахьо халкъашна машар дІакхайкхор бу. Цо олалла дийр ду цхьана хІорда тІера вукху хІордана тІе кхаччалц а, Эпрат-хина тІера дуьненан йистошка кхаччалц а.
Выбор основного перевода