Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Мохо дІасаяржо чан санна, царах кегийра дакъош ас дора. Урамашкара хатт санна, уьш ас хьоьшура. Сан бохамах самукъадаьллачарна Дала эхь а хетийтийла, цаьрга шайн сий а духкийтийла Цо. Суна хьалхā кураллаш йийраш Цо эхьах а бузийтийла, уьш сийсаз а бойла. Кхечу къаьмнех болчу наха хІунда хоьтту: «Мичахь ву церан Дела?» Тхан бІаьргашна хьалха кхечу къаьмнашна хаийтахьа, Хьан ялхойн цІий Іанорна Айхьа бекхам бийриг хилар. Ас хьуна ницкъ биначеран кара лур бу иза. Цара хьоьга элира: „Охьайижа лаьтта, тхо хьайна тІехула дІасалелийта“. Ахь хьайн букъах латта а, урам а бира, нах тІехула лелийта». Далла гІуллакх деш болу динан дай тийжийла кевнна а, сагІа доккхучу кхерчана а юккъехь. Олийла цара: «Къинхетам бехьа, Веза Эла, Хьайн халкъах. Ма кхардийтахьа Хьайн тІаьхьенах, кхидолу халкъаш ма делийтахьа цунах. Стенна бохур ду къаьмнашна юкъахь: „Мичахь ву церан Дела?“» Ткъа хІинца-м дукха халкъаш хьуна дуьхьалдовла схьагулделла. Цара боху: «Сийсазъяьккхина хуьлийла иза! БІаьрг бузийла вайн Цийон-ломе а хьежна!» ЯхІудан халкъ майра тІемалой санна хир ду, тІамехь, урамашкара хатт санна, мостагІий хьоьшуш долу. ТІом бечу хенахь Веза Эла шайца волу дела, цара ур-атталла мостагІийн дошлой эшор бу, уьш юьхьІаьржачу а хІиттош.
Выбор основного перевода