Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Мусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхІува йолчу цІарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгІаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а, Шен тешам эзарнаш тІаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенехь таІзар деш волу а». Цо элира: «Хьалдолу Эла, Хьо суна реза велахь, тхуна юкъахь дІаволахьа. ХІара халкъ чІогІа аьрха ду, амма тхан харцонашна а, къиношна а геч а дай, Хьайн халкъ санна дІаэцахьа тхо». Гуттаренна а ца хуьлу Везачу Эло бехк биллар. Гуттаренна а дац Цуьнан оьгІазвахар. Со-со ву шун къинош дІадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса. КІеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо. ОьгІазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», – боху хьо КІелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Со царах сакъералуш хир ву, царна Айса дика дечу хенахь. Сайн даггара а, сайн синера а болчу лаамца Ас уьш хІокху лаьтта тІе чІагІбина баха охьаховшор бу». Суна дуьхьал цара мел летийначу къинойх Аса цІандийр ду уьш, ткъа Сайна дуьхьалбовларца цара мел лелийнарг Аса царна гечдийр ду. qac Зqac*аманашкахь а чекх ца болучу Везачу Элан безаман чаккхенга вай тІе ца кхаьчна, ткъа Цуьнан къинхетамаллин гІуллакхаш чекх а ца девлла. Цунах лаьцна массо а пайхамарша тоьшалла до Цунах тешачунна Цуьнан цІарах къиношна гечдийриг хилар».
Выбор основного перевода