Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Массанхьа а дуьненахь, дерриге а къаьмнашна юкъахь иштта хир ду. ТІаьххьара стоьмаш зайт-диттан тІера эгорхьама, дитташ тІе гІожмаш тохар санна хир ду. Кемсаш схьалахьийча, цхьайолу кемсаш бен ца йисча санна хир ду. Токхечу тогІин коьрта тІехь долу а, маргІалдулу зезаг долу а и исбаьхьа хазалла заманал хьалха кхиинчу инжирах тера ю – хьалха гинчо, схьа а йоккхий, йоу иза. Делан лаамехь верг хІаллакьхуьлу, ткъа цхьанна а дагах ца кхета иза. Далла тешаме нах бахарна тІера дІабоху, амма цхьа а ца кхета – Делан лаамехь верг дІакхолхуьйту, цунна зулам ца хилийтархьама. Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тІехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаІал-ПаІорна тІебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цІу санна, маьттаза бевлира уьш.
Выбор основного перевода